Эвтар

Эвтар

ALPHAMEDIA

3 года назад

480 Просмотров

Сан Даймохк
Ахмад Шадиев
Дегнаш доьлуш хестаю ю хьо, Нохчийчоь,
Безаме тхо мара къовла доьху хьоь,
Нохчаллех бу тхан дегнаш чохь лекха лам,
Деле доьху хьо ирсе я, хирбу там.

Сан дог-ойла хьоьца ма ю Даймохк са,
Гена ваьлчи лаьа га хьо г1енашкахь,
Къоман дегнаш т1ома дохуш ехийла,
Нохчийчоь малх хьуна сирла къегийла.

Лаьмнашкахь хьан ц1е екаеш ду сан аз,
Хьоьх яккхий еш, дозалла деш ю Кавказ,
Аьрзоно ше т1емаш даржош ай а во,
Сан Даймохк хьо тахна суна ирсе го.

Сан латта халонаш дукха ахь лайна,
Хьа дуьхьа къонахий дукха вай байна,
Гора ца хоьттина цхьаа балано,
Яхь йолуш кхиаво нанас к1ант - нохчо.

Ахмад Шадиев (19.12.2015)
Ссылки и html тэги не поддерживаются


Комментарии: